Вайна гур ву Зеламха! (Мы увидим Зелимхана)

Вы здесь: Портал "Абрек" / Проекты / Фильм / Заголовок
20/12/2016 0 Комментариев 4 827 Просмотров

    




ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

Абрек Зелимхан Халкъо лору шен турпалхо.

1988-чу шеран декабрь беттан 5-чу дийнахь меттигерчу телевиденехула республикан Культуран министерствон векалша кхаъ боккхуш республикерчу бахархошка дlaxаийтира 3еламхех фильм яккха бакъо ялар, и г1уллакх кхочушдан шайна ницкь цатоар.

Фильм яккхаран хазахетар мел хиллачеран ц1арах баркалла ала лаьа суна, г1уллакх цу т1е даккха г1ерташ къахьегарна, кхаъ боккхуш и г1уллакх вайна довзийтинчу режиссерана Татаев Илесана.

Иза ч1ог1а мехала г1уллакх ду вайнехан исторехь. Х1отто ма-езза и фильм х1оттаяхь, ткъа иза иштта бен хила декхар а дац, цунах юьхьк1айн, токхе синкхача хир бу вайнахана хилла ца Iaш, кхечу халкъашна а, Обарг Зеламха вайнахана юкъахъ дикачу arlop вевзина ву халкъана. Шел хьалхарчу къонахийн г1иллакхаш, хьуьнарш дуьйцуш ладег1на, шен хенахь дуккха а хилла болчу къонахошка хьожуш, царах хьоьгуш 1ашшехь, декъазчу кхолламо обарг вина араваьккхина декъаза нохчо ву иза.

Т1аккха шегарчу оьздангалло, г1иллакхо: тешамо, доьналло, берриге а шен лехамашца ша мел вевзи¬нарг, ша вуьйцу мел хезнарг шена резавина, халкъо вина къонаха а ву Зеламха.

Доцца аьлча, вайнахана йоза-дешархпайдаэца-м хьовха, и довза ца девзаш д1аихначу дуккха а б1ешерашкахь хилла болчу, ларийна болчу, лийрина а болчу бакъ къонахойх цхьаъ ву Зеламха. Вайн дай йоза-дешарх пайдаэца хууш, и девзаш ца хилар хуьлий дуьсу, коьртачу декъана, тахана вайнехан шира турпалхой бовза ца тигар. Барта кхоллараллехь бевзачара хууш дерг вуно к1езиг хилар из-за бахьана долуш ду. Суна ала луург кхачамбацар вай дайн ледарлонна х1оттина цахилар ду. Д1аяханчу заманах тера карара зама яц, х1етахьлерчу нехан таронех тера, кхузаманахьлерчу нехан таронаш яц. Иза иштта долуш вуно дика а ду.

Делахь а, д1аяханчу заманахь лелийна, 1алашдина г1уллакхаш ду тахана вайгахь а ца хилча, ца лелийча, 1алаш ца дича ца довлуш дерш. Масала, цхьана х1уьнехдинчуьра юрт паччахьан эскаро йохорна кхиэрам тосабелча кхайкхаре ца хьоьжуш, орцах боьлхуш хилла гонд1арачу ярташкара ледара боцу нах, юьртахь тезет даьлча, дечиге ваханчо дечигах йоьттина ворда, салаз вон деанчун кертахь яссош хилла. Йоккхачу юьртара цхьаъ, шиъ б1е стаг, эшахь ерриг юрт белхех йоьдий, дацахь ц1а дуг1уш, арахь диса герга дахана ялта делахь, и чудерзош баьхначу дайн, ден дайн, церан а дайн доьзалш бу-кха таханлерчу вайнехан адамаш.

Оцу г1иллакхел осала доцуш, къинхетаме, хаза х1ун хир дара? Ткъа Зеламхех фильм яккха гlo динчара шайгара гойтурш лакхахь дагардина г1иллакхаш хил¬ла ца 1а? И хин йолу фильм цхьана Зелимхин вастат1ехь кхоьллина хир яц, цуьнца цхьаьна вайна бевзар бу маь1-маь1ера Зелам¬ха лоруш, Зеламхас лоруш хилла болу бакъ къонахий.

Цу фильмехь ган а, довза а таро хир ю вайнехан г1иллакх, безам, тешам, оьздангалла, доьналла а. И фильм яккха бакъо яларх кхаъ хил¬ла кхин болу республикера бахархой санна б1ачиюьртахой а бу. Царах цхьаболчеран белхан меттигаш Куйбышевн ц1арахчу совхозехь, Б1ачин Юьртарчу УПК-хь, №№ 1; 2; 3 йолчу школашкахь ю.

1988-чу шеран 6-чуй, 7-чуй декабрехь и г1уллакх дийцаре дина. Массанхьарчу белхалоша шайн-шайн куьйгалхошка, «шаьш лоцур да¬ра оцу белхан дакъа, бахамийн чоьтах дан таро йоллучул гlo аша а дахьара», — аьлла дехарш дира. Совхозан гаражан заведующи волчу А. Гехаевс кху деношкахь коьрта бухгалтере И. Алархановга, карара схьаоьцуш лелча юхьак1ам боллуш ца нислора, карарчу беттан алапех ахча сацадеш ведомость х1оттадахьара, аьлла дийхира.

Совхозан коьрта агpоном волчу С. Бахалаевс бисинчаьрга ледарло ца еш и г1уллакх дуьззина чекхдаккха деза элира. Къонахийн сий дан хууш а, и дан ларош а вай дуйла хаийта деза бохучу дешнашца шен къамел тодеш. Кху деношкахь и г1уллакх шофершна довзуьйтуш А. Гехаевс элира: «Зеламха цхьана а б1ачи юьртахочун верас хиллла ца-хилар вайна хууш ду. Амма цунах фильм яккха г1о дан дегаза хеташ верг сунна къонах ца хета. Тайпанан башхаллаш яр дакъазалла хета суна, ткъа дакъазалла ша-шена т1еийзор йоккха сонталла ю».

Гехаев Адама ишта къамел диначул т1аьхьа, ахчанаш деллачу нехан списки т1ехьаьжча: X. Абдурахманов, С. Бахалаев, Д. Геха¬ев, Б. Магомадов, Х. Цициев, кхин а дуккха а бара. Цара динчу г1оьнан барам 50 соьмера д1а Х. Цициевс деллачу 190 соьмо кхаччалц бара. Цул совнаха, ца¬рах цхьана тайпана ши стаг вацара. Совхозан коллекти¬вах кхоалг1а дакъа а ца кхочу х1окху сохьтана 3500 сом сов ахча вовшахтоьхна болу белхалой.

Эрмалошна хиллачу сингаттаман дакъалаца лаар хьалхадуьйлуш, жимма хьем хуьлу шайна бохуш, дуьйцу дукхах болчу бригадираша. Сайн юьртахоша лелориг ган а, дуьйцурш хаза а таро йолу дела дог1у хир ду суна и дага. Ондда тешам, доккха собар, т1аккха ца хуьлийла доцуш йолу яхь яра-кха. Амма суна х1умма а сайн юьртахойл оьщуш хир боцийла хаьа сайн махкахой а. Цундела ас эвххьаза боху хьоьга: Зеламхех фильм яккха дакъа ца лоцущ юьстах вуьсу верг я дан а мал доцуш со санна къен хила веза, я юха вича денлур воцуш ледара хила веза. Вайна юкъара иштанаш я вуьштанаш бевр бу ца моьтту суна. Ян декхар доцу, йича товш йоцу тайпа¬на, къаьмнийн башхаллаш ян ца еза. И башхаллаш яр цхьана а маь1не цахилар гучудолу харачо мел верг Зеламхица ца хиларца а. Къестамаш бинарш юьхьа1аьржа буьсур бу, заводашкарчу, фабрикашкарчу, бахамашкарчу оьрсаша, эрмалоша, жуьгташа, ног1еша, и д1. кх. долчу къаьмнийн векалша а дакъалаца долинча. Хьакъ мадду, профсоюзни, комсомольски лидерша, меттигерчу редакцеша телевиденис болх бахь, цуьнан жам1 тахана дуьйна гуш лара мегар ду.

Х1инцачул г1еххьа хан яьлча, т1екхуьучу чкъурах муьлххачо а хатта тарло: «Дада, 1989 чу шарахь Зе¬ламхех фильм яккха 1едало еллачу бакъонах пайда ца эццал х1оьттина бахьана х1ун дара?» — аьлла.

1едало вайна тахана некъ битина: оьздачу нанойн хьехамашца а, яхь йолчу дайн декхаршца а, сий долчу къонахийн весеташца а, вешан уьйр мел ю, вайна ваьшка хаалур долуш.
Т1аккха, юй вайн и г1уллакх ларамаза дита бакъо?!

А. ДАШКАЕВ, Б1ачи-Юьртан вахархо.
Ленинан некъ 25.01.89 г.

abrek.org

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане
Фильм 20 дек, 2016

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане

 Кху деношкахь Веданахь хабар даьржина вайн...

Будет ли фильм о Зелимхане?
Фильм 20 дек, 2016

Будет ли фильм о Зелимхане?

 Из письма: Недавно, просматривая пожелтевшие от...

Леди (Владимир) Бестаев
Фильм 20 дек, 2016

Леди (Владимир) Бестаев

 Это выдающийся актер немого кино, один из первых...

«Я не родился абреком...» . ФИЛЬМУ - БЫТЬ!
Фильм 20 дек, 2016

«Я не родился абреком...» . ФИЛЬМУ - БЫТЬ!

Сообщение о том, что заслуженный деятель искусств...

Абрек Азаур - второе дыхание шедевра.
Фильм 20 дек, 2016

Абрек Азаур - второе дыхание шедевра.

 4-го декабря в Доме кино Владикавказа открылся...

О фильме
Фильм 20 дек, 2016

О фильме "Абрек Зелимхан"

 "Зелимхан" Олега Фрелиха (1926), сохранившийся...


...

Жизнеописание

ЗелимханКак чеченский Робин Гуд Зелимхан Харачоевский стал знаменитым на всю Россию абреком?

В Чечне этот человек стал народным героем. А ведь до самых двадцати восьми лет Зелимхан Гушмазукаев...

ЗелимханАбрек Зелимхан. Краткое жизнеописание

Зелимхан Гушмазукаев, Зелимхан Харачоевский (январь 1872 года — 26 сентября 1913 года) — известный...

ЗелимханХронология жизни абрека Зелимхана

01. 1872 г — В с. Харачой Веденского округа родился знаменитый чеченский абрек Зелимхан...

Лента новостей

ДругиеГофрокартонные коробки для переезда

Чтобы предотвратить повреждение вещей при переезде, необходимо использовать удобную и прочную тару....

ВидеоАбрек Зелимхан и ногайский лекарь (Видео).

Эта история передается из поколения в поколение в некоторых чеченских семьях. Достоверность этого...

ДругиеГазиев Абдулкадыр из Элистанжи

Часто гостили у него в доме: абрек Зелимхан Харачоевский, политолог Абдурахман Авторханов,...

Документы

Документы по теме "Абрек"Г. А. Ткачев о внесенном в Государственную Думу "запросе 58-ми"

Уже из обращения запроса видно, что 58 подписавших запрос полагают, что чинимые у нас грабежи и...

Документы по теме "Абрек"Приказ главнокомандующего войсками округа графа Воронцова- Дашкова по поводу убийства абркув Аюба Тамаева

 Перваго марта сего года, на разсв?т?, казаками 6-й сотни 1-го Кизляро-Гребенского казачьяго полка,...

Документы по теме "Абрек"Из справки в Особый отдел Департамента полиции: Зелимхан распустил шайку

 После ограбления Кизлярского казначейства Зелимхан немедленно распустил шайку, причем члены шайки...

Абреки

Абреки и мирАбреки и Ассасины (мнение)

nml6 пишет в instagram: Абреки в каком-то смысле похожи на ассасинов из серии игр «Assassin's...

Кавказские абрекиПесни об абреке Бубе

Начало. В конце XIX-го века в горном ауле Икра зарождается любовь. Лезгин Буба встречает девушку по...

Кавказские абрекиИНГУШЕТИЯ. Сулумбек Сагопшинский: «Над своей шапкой я вижу только небо»

11 июля 1820 года в немецкой газете приводится история о галга – ингуше, жившем на Кавказе, который...

СМИ о нас

СМИ о проекте АбрекВ Интернете появился сайт посвященный Абреку Зелимхану Харачоевскому

 Недавно в Интернете появился интересный проект, посвященный знаменитому чеченцу. Сайт, который...

СМИ о проекте АбрекАбреку Зелимхану Харачоевскому посвятили сайт

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе не будет человека, который не слышал про движение...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Хроники "Ч"

Хроники "Ч"2015 г. 30 причин (из 600) Р. Кадырова в китайском вопросе...

Буквально год с лишним назад (в 2015 - ом) в новостных лентах появились сообщения о том, что РОФ...

Хроники "Ч"1937 - 1960 гг.. НКВД и реабилитция "Петимат".

С позиций сегодняшнего дня пьеса "Петимат" (да и все творчество С. Бадуева в целом) смотрится...

Мы в соцсетях

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Обсуждают в сети

Видео "Абрек"

Активно читают

Последние файлы

Книги (файлы)А. Килиматов. Кокурхой – история, факты и документы

Книга «Кокурхой — история, факты, документы» - исследование, посвященное ингушскому роду Кокурхой....

Книги (файлы)Гудаев Л.Р. "Абрек Зелимхан: Факты и документы". 2-ое издание. 2017 г.

Абрек Зелимхан: Факты и документы. Второе переработанное и расширенное издание. / - Грозный: АО...

Популярное

Рекомендуем

Реклама на Checheninfo

Читаемое

Документы по теме "Абрек"Приказ главнокомандующего войсками округа графа Воронцова- Дашкова по поводу убийства абркув Аюба Тамаева

 Перваго марта сего года, на разсв?т?, казаками 6-й сотни 1-го Кизляро-Гребенского казачьяго полка,...

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

Партнеры

Комментируемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...